Что такое findslide.org?

FindSlide.org - это сайт презентаций, докладов, шаблонов в формате PowerPoint.


Для правообладателей

Обратная связь

Email: Нажмите что бы посмотреть 

Яндекс.Метрика

Презентация на тему по чеченской литературе -Бадуев Саид-

Содержание

Бадуев Саь1ид-Салихь прозаик, драматург, поэт, нохчийн исбаьхьаллин литературин бухбиллархо, вина 1903 шеран 28 августехь Соьлжа-ГIалахь.  Яздархочун да Бадуев Сулейман Хьалха-МартантIера схьабевллачу совдегарех хилла. Яздархочун да Бадуев Сулейман, цуьнан вежарий, да Бода-Хьаьжа, шайн даккхий хьелаш а долуш,
Бадуев Саид-Селихь  Презентаци кечйинарг Бадуев Саь1ид-Салихь прозаик, драматург, поэт, нохчийн исбаьхьаллин литературин бухбиллархо, вина 1903 шеран ЦIеххьана бохам беана БадуевгIеран доьзале. Оьрсийн-японски тIамехь йина чевнаш юхаметтахъевлла, 1914 шарахь Реальни училищехь 1916 шеран 25 майхь дIаехьначу педагогически кхеташонан протокол тIехь дешарна Яздархочун дуьххьарлерчу произведенех ю цуьнан Къоман театр Къоначу театран балха тIехь жигара дакъалаьцна ца Iаш, ша гоьваьлла драматург  Цу тайпана, Бадуев СаьIидан цIе Нохч-ГIалгIайн драматически театрах дIакъасталур йоцуш йозаелла ю. Йоккхачу-АтагIахь областной слете гулбелла цIен партизанаш боккхачу тидамца хьаьвсира пьесе. Царах дукхаха Баккхий кхиамашКъоман театран сцени тIехь, даим а шен кхиам а болуш, дуккха Нохч-ГIалгIайн драматически театро 1938 шеран юьххьехь дIаболийнера «ПетIамат» драми тIехь спектакль хIотторан ХIинца, къайлах лаьттина архиваш схьайиллича, билгалдаьлла и терахь нийса цахилар. Къайлах хиллачу Баркалла !!!
Слайды презентации

Слайд 2 Бадуев Саь1ид-Салихь прозаик, драматург, поэт, нохчийн исбаьхьаллин литературин

Бадуев Саь1ид-Салихь прозаик, драматург, поэт, нохчийн исбаьхьаллин литературин бухбиллархо, вина 1903

бухбиллархо, вина 1903 шеран 28 августехь Соьлжа-ГIалахь. 
Яздархочун да

Бадуев Сулейман Хьалха-МартантIера схьабевллачу совдегарех хилла. Яздархочун да Бадуев Сулейман, цуьнан вежарий, да Бода-Хьаьжа, шайн даккхий хьелаш а долуш, шайн доьналлица, хьуьнаршца Нохчийчохь а, гонахарчу мехкашкахь а цIеяххана бевзаш нах хилла.  БадуевгIар Нохчийчоьнан а, Российн а юкъараллин-политически хьелаш девзаш, юкъараллин дахарехь дакъалоцуш хилла. Оьрсийн-японски тIом (1904-1905 шераш.) болабелча, оцу тIаме вахна Бадуев Сулейман. Цигахь йина чевнаш юха меттахъевлла, 1914 шарахь кхелхина иза. СаьIидан нана Укаева Зайбат Йоккхачу-АтагIара хилла. КIентан бералла дIадахна Соьлжа-гIалахь а, Хьалха-МартантIехь а, Йоккхачу-АтагIахь а. Дуккха а гергара нах бара БадуевгIеран Хьалха-МартантIехь. Хинволчу яздархочун деда, денана, пхиъ деваша вара кхузахь вехаш. Шен дехой болчу Хьалха-МартантIе а, ненахой бехачу Йоккхачу-АтагIа а кест-кестта воьдуш а, еххачу хенахь Iаш а хиллачу кIанта хазахеташ ладийгIина юьртахоша исбаьхьа олучу иллешка, дуьйцучу туьйранашка, ширчу хабаршка, мехкарийн эшаршка. Халкъан исбаьхьаллин дешан марзо беран хенахь евзина цунна, барта кхолларалла гуттаренна а езаелла. Соьлжа-гIаларчу реальни училище деша дIавелла СаьIид-Салихь шен дас. Ойла тIеяххийтина, лерина доьшу цо. Шен накъосташна юккъехь кIеда-мерза волуш а, дешарна тIера хиларца а билгалваьлла иза. Къаьсттина дукха езна  Бадуев СаьIидана исбаьхьаллин литература. ТIевирззина Iамийна цо оьрсийн классически литература, лерина ешна В.А. Жуковскийн, А.С. Пушкинан, М.Ю. Лермонтовн, Л.Н. Толстойн, А.П. Чеховн, А.М. Горькийн произведенеш. Хинволчу яздархочунна Iаламат пайдехьа хила нохчийн халкъан барта кхоллараллица цхьаьна сийлахь-йоккха оьрсийн литература, культура йовзар.

Слайд 3 ЦIеххьана бохам беана БадуевгIеран доьзале. Оьрсийн-японски тIамехь йина

ЦIеххьана бохам беана БадуевгIеран доьзале. Оьрсийн-японски тIамехь йина чевнаш юхаметтахъевлла, 1914

чевнаш юхаметтахъевлла, 1914 шарахь Петроградехь кхелхина доьзалан да Сулейман.

ЦIа а веана, Хьалха-МартантIехь дIавоьллина иза. ВорхI бераца йисина нана, СаьIид-Салихьан уггаре жимаха йолу йиша Маки да дIаваьллачул тIаьхьа дуьнен чу яьлла. Хала дара байлахь бисинчу доьзална. Дукха хан ялале материальни халонаш хааелира.  Паччахьан заманахь муьлхха а дешар санна, Соьлжа-гIаларчу реальни училищехь а дешар мехах дара. Шен хеннахь мах дIабалаза бисча, дешарх юкъахвоккхура.  Алссамчу берашца йисинчу нанна хала хилла доьзал кхаба. Шен ма-хуьллу дешар чекхдаккха гIиртина СаьIид-Салихь, амма гIуллакх ца хилла. 

Слайд 4 Реальни училищехь 1916 шеран 25 майхь дIаехьначу педагогически

Реальни училищехь 1916 шеран 25 майхь дIаехьначу педагогически кхеташонан протокол тIехь

кхеташонан протокол тIехь дешарна тIера мах дIацабаларна Бадуев СаьIид

дIаваккхаран хьокъехь сацам бу. Дешаран шо чекхдала цхьа бутт бен ца биснера хинволу яздархо реальни училищера дIавоккхуш, оцу шарахь йолийна класс чекхъяккхалц а ца витина. СаьIид-Салихь шайн доьзалехь баккхийчарах вара, цунна тIехь дара кегийчеран тергояр. Иза балха вахна. Болх барца цхьаьна дIадаьхьна цо, ша доьшуш, шен хаарш тIедузар. 1922 шарахь Владикавказехь кооперативни курсаш чекхъяьхна Бадуевс. Цул тIаьхьа цхьана муьрехь товароведан болх бина. Амма цуьнан шовкъ йолуш болх ца хилла иза, цуьнан дог ца летара оцу гIуллакхех. С. Бадуевн ойла кхечахьа гIиртина. Шен къоман культура кхиорехь, йоза-дешар даржорехь, халкъ Iилманан серлонга доккхучу балха тIехь дакъалацар дара С. Бадуевна лууш дерг. Шен Iалашо кхочушъярхьама хьехархойн курсашка деша вахна иза. Уьш чекх а яьхна, хьехархочун болх бина цо. Школехь берашна хьехарца цхьаьна, баккхийчарна йоза-дешар а Iамадора СаьIид-Салихьа.

Слайд 5 Яздархочун дуьххьарлерчу произведенех ю цуьнан "Мацалла" цIе йолу

Яздархочун дуьххьарлерчу произведенех ю цуьнан

повесть. Къехойн, хьолахойн вовшашца хилла юкъаметтигаш гайтина автора шен

дуьххьарлерчу повесть тIехь. Къона доьзал – ТIелиб, ХIижан – хало ловш ду, мацаллла ю цаьргахь, кхечу къехошкахь а санна. Ялта къийдаларх пайда а оьцуш, шайн хьелаш алсамдохуш бу таронаш йолу нах. Мацалла токхуш болчу къехошна кIеззиг ялтех хIума а лой, церан тIаьххьара говр а, бежана а шайн дола доккху хьолахоша. Иштта шен бахам стамбеш ву повесть тIера Мухтар а.

Слайд 6 Къоман театр
 Къоначу театран балха тIехь жигара дакъалаьцна ца

Къоман театр Къоначу театран балха тIехь жигара дакъалаьцна ца Iаш, ша гоьваьлла

Iаш, ша гоьваьлла драматург хиларе терра, театрана башха репертуар

латтийна ца Iаш, къоман театран исбаьхьаллин куьйгалхо вара СаьIид бохуш, дуьйцу 30-чу шерашкахь Нохч-ГIалгIайн драматически театрехь болх биначара. Нохчийчохь а, республикал арахьа а дика бевзаш болчу артисташа шаьш дуьххьара театре даьхкинчу муьрехь актерийн болх шайна безабаларехь а, цул тIаьхьа шайн корматалла кхиарехь а Бадуевс шайна динчу гIоьнан лаккхара мах хадабо.

Слайд 7  Цу тайпана, Бадуев СаьIидан цIе Нохч-ГIалгIайн драматически театрах

 Цу тайпана, Бадуев СаьIидан цIе Нохч-ГIалгIайн драматически театрах дIакъасталур йоцуш йозаелла

дIакъасталур йоцуш йозаелла ю. Алссам драматически произведенеш язйина Бадуевс,

иттех шарахь цо кхоьллина лаккхара идейни а, исбаьхьаллин а мехалалла  йолу ткъех гергга пьеса. Яздархочун кхийолу произведенеш а санна, шуьйра тематика йолуш ю цуьнан драматурги а. Юьртабахам керлачу тIегIане баккхарехьа ахархоша латтийна къийсам гойту драматурго шен "Ламанаш хийцало", "Большевикаллица ялта дерехьа", "Политотдел", "Самаяьлла ячейка", "ЖаIуьнан доьзал" цIерш йолчу пьесаш тIехь. Шен заманан проблемаш хIиттош яра "Марха досту де", "ЦаIебийна зудаялор", "ПетIамат" боху пьесаш. «Таймин Бийболт» цIе йолу пьеса нохчийн исторехь а, иллешкахь вуьйцучу халкъан турпалхочух лаьцна язйина.

Слайд 8 "Дашо Iам"
Нохчийн, гIалгIайн драматургехь белхалойн классан тема дуьххьара

хIоттийнарг Бадуев СаьIид хилла. "Дашо Iам" цIе йолчу пьеси

тIехь драматурго гайтина тайп-тайпана къаьмнех болчу нефтяникаша, йохьалле а буьйлуш, къинхьегаман толамаш бахарца Даймехкан хьал алсамдаккхар. Граждански тIеман хьокъехь ю автора историн бакъдолчунна тIехь язйина "ЦIен гIап" цIе йолу турпалаллин драма. Ерриг советски драматургехь тоьлашха лоруш хиллачу К. Треневн "Любовь Яровая", Вс. Ивановн "Бронепоезд 14-69", Б. Лавреневн "Разгром" цIерш йолчу произведенийн могIарехь Бадуевн "ЦIен гIап" пьеса  лаьтташ хилар билгалдоккху цуьнан драматурги теллинчу литературоведа Айдаев ЮшаIа.         Пьеси тIера хиламаш билгалйолчу меттехь – Iалхан-Юьртахь – кхочушхуьлуш бу. Коьрта долчу декъана пьесин чулацаман бухехь берг Iалхан-Юьртахь Деникинан эскаршна дуьхьал бина цIеяххана болу тIом бу. Исторически бакъдолчуьнца цхьаьнадогIуш дара Бадуевс шен пьеси тIехь белхалоша а, ахархоша а граждански тIамехь паргIатонехьа къийсам латтор  гойтуш долу суьрташ. Iаламат боккха кхиам хилира "ЦIен гIап" цIе йолчу драмин. Яздархойн Ерригсоюзни хьалхарчу съездехь вайнехан литературин хьокъехь ша динчу къамелехь Айсханов Шамсуддис билгалдаьккхира: "Нохч-ГIалгIайн керлачу актераша хIиттош С. Бадуевн "ЦIен гIап" цIе йолу пьеса а ю. И пьеса хIинцале Нохч-ГIалгайн областан шерачу аренгарчу а, ламанца йолчу а ерриге  ярташкахь хIиттийна а, колхозхоша чIогIа магийна а ю".

Слайд 9 "Грозненский рабочий"
1933 шеран 25 июнехь арадаьллачу "Грозненский рабочий"

газето яздора "ЦIен гIап" бохучу пьесех лаьцна: "Пьеса кхаа-деа   

сохьтехь лаьтта, цуьнан ейтта эпизод а, пхиъ дакъа а ду. Амма хьовсархойн зал оцу ерриге а хенахь тIехъюьззина хуьлу, адамаша дIалоцу массо маьIиг а, кораш а, неIсагIеш а, чуьра араболу некъ а. Хьовсархой Бадуев СаьIидан "ЦIен гIап" цIе йолчу граждански тIеман хьокъехь нохчийн къинхьегаман ахархоша а, грозненски пролетариато а Шатиловн, Бичераховн, Чуликовн, Алиевн, кхечеран а кIай гвардейцийн бандашна дуьхьал герзашца латтийначу къийсаман хьокъехь йолчу пьесе хьовсуш бу.

«Зорбанан ц1а»


Слайд 10 Йоккхачу-АтагIахь областной слете гулбелла цIен партизанаш боккхачу тидамца

Йоккхачу-АтагIахь областной слете гулбелла цIен партизанаш боккхачу тидамца хьаьвсира пьесе. Царах

хьаьвсира пьесе. Царах дукхаха йолчу эпизодашкахь шаьш дакъалаьцна цара.

ГIойтIарчу партизански отрядан командир Хьату Давлиев, Йоккхачу-АтагIара Ноома Тукаев, Гикалос шена тIедехкина дуккха а къайлах гIуллакхаш кхочушдина волу Iалхан-Юьртарчу партизански отрядан командир ЧIаба Кагерманов, дуккха а кхиберш а. ХIинца уьш леррина хьоьжу юьртсоветан уьйтIарчу доккхачу рагIу кIелахь аннаш вовшах а тесна йинчу сцени тIе".

Слайд 11 Баккхий кхиамаш
Къоман театран сцени тIехь, даим а шен

Баккхий кхиамашКъоман театран сцени тIехь, даим а шен кхиам а болуш,

кхиам а болуш, дуккха а шерашкахь лаьттира Бадуевн "ЦIен

гIап". 1936 шарахь Нохч-ГIалгIайн драматически театр Белоруссехь гастролашкахь йолуш а, Москва къаьмнийн театрийн фестивале кхайкхича а, цуьнан репертуарехь Бадуевн кхоъ пьеса хилла: "ЦIен гIап", "ПетIамат", "ЦаIебийна зудаялор". Иштта баккхий кхиамаш хилира драматурган дукхахйолчу произведенийн. Бадуевн "ПетIамат" цIе йолу пьеса а, "Бешто" цIе йолчу повесть тIехь хIоттийна пьеса а вайн заманахь а ю Нохчийн пачхьалкхан драматически театран репертуарехь.         Бадуевн цхьайолчу драматически произведенийн тексташ яйна, кароза ю. Иштта "ЦIен гIап" пьесин текст а, хьалхара ши сурт бен карийна дац.         Бадуев СаьIидан пьесаш нах шайга хьовсуш а, нахана езаш а яра. Драматурган произведенийн турпалхой, цуьнан пьесаш тIера хиламаш халкъан дахарера схьаэцна а, халкъана хьалха лаьтташ йолу Iалашонаш кхочушьяре хьажийна а бара. Цундела адамашна оьшуш яра и пьесаш, резахуьлуш цара тIе а оьцура уьш.           Лакхахь билгал ма-даккхара, Бадуевс исбаьхьаллин литературехь баккхий кхиамаш бахаран бахьана дара коьрта долчу декьана иза халкъан барта кхоллараллина тIетевжаш хилар, халкъан барта произведенех цо кхоллараллица пайдаэцар. Амма яздархочун исбаьхьаллин корматалла кхиарехь, цуьнан кхоллараллин хатI шардаларехь доккха маьIна дара Бадуев даим  оьрсийн а, кхечу къаьмнийн а литературех Iемаш хиларан, цо хаддаза оьрсийн бак¬кхийчу яздархошца доттагIаллин, кхоллараллин уьйраш латтош хиларан.

Слайд 12 "Тхан хьерхархо, тхан накъост Горький!"
Бадуев СаьIидан цхьаьнакхетарш

хилла А. М. Горькийца а, А. А. Фадеевца а. Бадуевна

Iаламат пайдехьа бара дуьненна а вевзаш волчу сийлахь-воккхачу яздархочун А. М. Горькийн хьехамаш. "Тхан хьехархо – Максим Горький" цIе йолчу шен исбаьхьаллин очерка тIехь Бадуевс яздо пролетарски яздархочун кхолларалла, кхечу къаьмнашна санна, вайнахана а доккхачу маьIне хиларан хьокъехь а, шена цунах даьллачу беркатах лаьцна а.
"Тхан хьерхархо, тхан накъост Горький!" – боху Бадуевс. Горькийн "Песня о Соколе" нохчийн матте а яьккхина, шен очерка тIехь ялийнера яздархочо. "Нохчийчоьнан драматургически литературехь тоьлашха йолу произведени – Бадуевн "ЦIен гIап" цIе йолу пьеса – Горькийн исбаьхьаллин тIеIаткъамца" язйина хилар билгалдаьккхира 1936 шарахь Нохч-ГIалгIайн АССР-н яздархойн Союзан правленис.

Слайд 13 Нохч-ГIалгIайн драматически театро 1938 шеран юьххьехь дIаболийнера «ПетIамат»

Нохч-ГIалгIайн драматически театро 1938 шеран юьххьехь дIаболийнера «ПетIамат» драми тIехь спектакль

драми тIехь спектакль хIотторан болх. Спектаклан режиссер волчу Батукаев

ХIаронца цхьаьна театрехь репетицешкахь хаддаза хуьлуш вара Бадуев СаьIид. Премьера хIотто де тIекхочуш сихбинна боьдуш бара театро пьеси тIехь беш болу болх. Оцу хьо¬къехь хIин-хIинц тIаьхьа а Батукаев ХIарона дуьйцура: «Буса сахиллалц «ПетIамат» спектаклан прогон еш вара со, кхана хила езачу премьерина кечлуш. Сатосуш театрера аравелира, цIа а гIой тIера духар му аьлла. Гена валале энкавэдешникашна тIеIоттавелира. Уьш, этIаеш, схьайохуш бара «ПетIамат» спектаклан кестта премьера хиларан хаам беш йолу афишаш. Со царна оьгIазвахна чутасавелира: «Аш хIун до, йовсарш?! Уьш тхан театран афишаш  ю, тхан кхана премьера ма ю»,  –  аьлла. Буьрса схьахьаьжначу энкавэдешнико жоп делира: «Хир яц шун премьера кхана. Кхин Бадуев а хир вац цкъа а. Вели иза шен националистски-буржуазни зурманаш лекхна». Сан дог шелделира. Ткъа Iуьйранна ерриг Соьлжа-ГIала зIуган бенах таръелла зийзаш яра, Бадуев СаьIид лаьцна дIавигна бохуш».              Иштта, бе а бехк боцуш чу а воьллина, тIепаза вайина къоман литературин классик. 

Батукаев Х1арон


Слайд 14 ХIинца, къайлах лаьттина архиваш схьайиллича, билгалдаьлла и терахь

ХIинца, къайлах лаьттина архиваш схьайиллича, билгалдаьлла и терахь нийса цахилар. Къайлах

нийса цахилар. Къайлах хиллачу документаша гойту Бадуев СаьIид 1938

шеран 14 февралехь чувоьллинчохь кхелхина хилар. Яздархочун кхолларалла, цуьнан дерриге дахар халкъана дIаделла дара. «Бадуев СаьIид кабинетан яздархо вацара, иза наггахь а карор вацара стоьла тIехь яздеш Iаш, цуьнан белхан кабинет ерриге а Нохчийчоь яра»,  –  яздина Мамакаев Мохьмада.         «Иза доккха похIма долуш, башхачу корматаллин стаг вара. Шен халкъан ирсехьа, и ирс сирла а, дуьззина а хилийтарехьа дIахьочу къийсамехь кIадо йоцуш а, майра а вара", – боху шен дагалецамашкахь Саидов Билалас.         «Шен произведенеш бахьана долуш нохчийн халкъан шега боккха безам бахийтира Бадуев СаьIида: зорбанера арайовллушехь, нахана юкъаяьржара цуьнан книгаш, генарчу районашкара а, лаьмнашкара а нохчий, цуьнан пьесаш профессиональни театро хIиттош хьовсархьама, леррина Соьлжа-ГIала оьхура. Нохчийн дешархочун исбаьхьаллин литературе безам бахийтарехь чот йоцуш доккха гIуллакх дира С. Бадуевн произведенеша. Иза лара веза нохчийн исбаьхьаллин литература а, драматурги а дуьххьара кхоьллинарг а, цуьнан дуьххьарлера бухбиллархо а», –  баьхна Мамакаев Iаьрбис.               Хан яларх шен мехалла лах ца лун Бадуев СаьIидан кхолларалла  вайнехан исбаьхьаллин литература кхоллаяларехь, кхиарехь доккхачу маьIна хилла ю. Яздархочун тоьлашха йолу произведенеш школехь, вузашкахь Iамош ю, цуьнан пьесаш нохчийн къоман театр кхоллаелчхьана хIинццалц схьа театран репертуарехь ю.

Бадуев СаьIид 1943 шарахь кхелхина лоруш дара


Слайд 15

Бадуев Саь1идан зорбанехь араевлла книгаш
    Мацалла. Повесть. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1928.     Iимран. Повесть. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1929.     ЦIеран арц. Повесть. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1929.     Дайн Iедал (И.Эльдархановца цхьаьна язйина). Пьеса. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1929. Пхи туьма. Дийцар. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1930.     Iадаташ, I дакъа. Дийцарш. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1930.     Iадаташ, 2-3 дакъош. Повесть, дийцарш. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1930.     Марха досту де. Пьеса. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1930.     Хабарш, иллеш, поэмаш. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб, «Серло», 1930.     ПетIимат. Роман. I-ра дакъа. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб, «Серло», 1930.     Гуттар ца хуьлу моллина мовлад. Сьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1930. ГIурба. Дийцар. Владикавказ. Изд-во «Сердало», 1931. (ГIалгIайн маттахь).   Дохковалар. Дийцар. Гочд. И. Дахкильгова. Орджоникидзе. Изд-во «Сердало», 1931. (ГIалгIайн маттахь).     Самаяьлла ячейка. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1931. Мила ву бехке?. Дийцар. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1931.     Большевикаллийн ялта дерехьа. Пьеса. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1932. Некъан кехат (Исбаьхьаллин дийцарш). Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1932.     Колхозан иллеш. Стихаш. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1933.     Ши малх. Поэма // Итт бIаьсте. Соьлжа-ГIала, 1933. Хаьжина произведенеш. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1933. Петимат (Поэмин дакъа) // Рост. 1934. № 1. Берашна совгIат. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1934.     Керла нах. Очерк // Нохчийн яздархойн дош. Соьлжа-ГIала. 1934. Политотдел. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1934.     ПетIимат. Поэмин дакъа // Кхиам. Соьлжа-ГIала. 1934. №1.     Вайн беш. Стихан, поэмаш, эшарш. Соьлжа-ГIала, 1935


  • Имя файла: prezentatsiya-po-chechenskoy-literature-baduev-said-.pptx
  • Количество просмотров: 180
  • Количество скачиваний: 2